Лекха лаьмнаш кура лаьтта сан исбаьхьчу Нохчийчохь,
Малх схьакхетта Даймохк кхехкош, со волало воккхавеш.
Х1инца санна кхуьуш, хазлуш бертахь хилар гойтуш вай,
Зенах, зуламах ларбеш Дала ирсе гойла Даймохк вай.
Нохчийн х1усам, г1иллакх довза геннара вог1у хьаша да,
Хьаша лоруш салам делла доьхьал волу мехка да.
Х1инца санна кхуьуш, хазлуш бертахь хилар гойтуш вай,
Зенах, зуламах ларбеш Дала ирсе гойла Даймохк вай.
Чиркхаш долу з1аьнарш санна денна талуш дахар вай,
Дерриге а дуьне вайга хьоьжу туьйра хеташ Даймохк вай.
Х1инца санна кхуьуш, хазлуш бертахь хилар гойтуш вай,
Зенах, зуламах ларбеш Дала ирсе гойла Даймохк вай.
Х1инца санна кхуьуш, хазлуш бертахь хилар гойтуш вай,
Зенах, зуламах ларбеш Дала ирсе гойла Даймохк вай.
Джамиль Дзагиев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1