I. Дуьненахь уггаре мерза, дахарехь массарел езна
До1у са, ховха дош хьан дуьхьа , нана
Дерриге диканаш хьуна, могшалла йоьху ас хьуна
Ехийла даима хьо
Припев :
Нана, нана, хьоме нана
Дуьненан мерза стом хьо
Хьан безамо со ларйина
Хьо яхахь ехаш ю со ( 2 раза )
II. Набарна товжа йиш йоцуш, дайн ага техкадеш хийла
К1адйи хьо елхйи хьо, хьомсара нана
Со лазош лазадо хьан дог
Комаьрша, къинхетаме дог
Къинт1ера ялалахь хьо.
Припев :
Нана, нана, хьоме нана
Дуьненан мерза стом хьо
Хьан безамо со ларйина
Хьо яхахь ехаш ю со ( 2 раза )
III. Доьзалаш кхиийна яьлчи, дег1ана ницкъ хилла баьлчи
Цамгаро йожийна хьан б1аьра хьаьжча
Сан даго кхайкхам бо нана
Хьол хьоме х1умма дац, нана
Ехийла даима хьо.
Припев :
Нана, нана, хьоме нана
Дуьненан мерза стом хьо
Хьан безамо со ларйина
Хьо яхахь ехаш ю со ( 2 раза )
ДХК Фирдавс еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2