Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Жуьгати молла - Iела АтагIара | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

1
Иман Ислам кхайкхош,Элчи вола велчи
Элчана тоба са яла яьллачу хенахь
Цхьана шота ва дийнахь и шен товрат даржина
Цу чу хьоьжуш хиллера цхьа жуьгати ва молла.
2
Цу товрат чохь хеставеш и вай Элчи Мухьаммад
Еа маIIехь карийра ва жуьгти моллина,
И еа агIо ва йохийна, товрат вовшех ва тоьхна
Ша ойла ян ма велира и жуьгти ва молла.
3
ШозлагIа товрат схьа эцна, цу товрат чу ма хьаьжира
БархIи меттехь карийра, вай Элчана возалла,
И бархIи агIо ва йохийна, Товрат вовшех ва тоьхна
Ша ойла ян ма велира и жуьгти ва молла.
4
КхозлагIа товрат схьаэцна, цу товрат чу ма хьаьжир
Шийтта меттехь карийра вай Элчана возалла,
Ша ойла ян ма велира и жуьгти ва молла,
Яра дерриге шен Товрат, Элча хестош ма хилла.
5
И вай Элча Мухьаммад цу чохь хестош ва вайчи
Цо шен нахе хаьттира и стаг мила ву те-хьа,
Оцу Маккахь, Мединехь бозбуанчаллаш леладеш
Нах тилина стаг ву и, цуьнга аьлла хиллера.
6
Цаьрга пурба даьккхина ша ваьлла ма вахара
И жуьгти ва молла оцу Макка-Медине,
Салман бохуш цIе йолуш, цхьа нуьре стаг вайнера
Цуьнга салам делира цо и Мухьаммад ву моьттуш.
7
И вай Элчи кхелхина кхозлагIа ва де хиллера,
Элчи кхалхар хьулдина асхьабашна тIе хьажира,
Асхьабашна тIекхаьччи, цаьрга салам делира цо,
Ассаламу Iалайкум я Мухьаммад Пайхамар.
8
Салам эца да воцуш, боьлхуш охьа ма ийгира,
Ва Элчана асхьабаш,
Цара маьхьарий ма хьаькхира, хIай хьо мила ву те-хьа,
Яра тхан дегний яра чевнаш, даръеш керла йохуш верг.
9
И вай Элча дIакхалхар, асхьабаша дийцичи,
Мохь олуш ша ма вуьйжира ва жуьгтий ва молла,
«Я Робби хIай сан Дела, ахь кхолланза ша велар-кха
Яра доккха къемат де шен бIаьргашна ца гайта».
10
Элчанна каш тIе ша вигар, асхьабашка дийхира цо
Лаьцна хьалагIаттийна, Элчанна каш тIе вигира
Элчана Ровзате воьжна, Элчанна ша вилхира
Шен бIаьргеха хиш совцалц, шен бIаьргеха цIи оьхуш.
11
«Я Робби хIай сан Дела, ас хьоьца дуьллу сайн Иман
Айхьа къобал деш делахь, хьайна дуьхьала вигахь ша,
Дала доIийна жоп делла, декъала хилла и кхелхира
Турпал Iелас кечвина, Элчанна гергахь дIавоьллира.

ЛаилахIа иллаллахIу Мухьаммадур-РосулуллахI.


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-