Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Зара Хайдарова - Назма (Иман) (M95) | Текст песни

I,Дуьненахь хан елла кхоьллина Дала
Диках дерг довза а лардан а вай
Иманехь хилийта х1оранне дахар
Шари1ат, ткъари1ат, коьрта ду х1ай
Иманан гергара ду хаза г1иллакх
Оьзданиг иманехь лакхара ву
Уьш шеца долуш верг г1ийла ца хилла
Иманехь ву алар сийлахь ма ду

Припев:
Хастам бу я Аллах1, тхан дегнаш хьаста
Иман ахь даларна ца дайта тхо
Исламан хазалла адмашна яста
Хастам бу, хастам бу хиларна Хьо (2 раза)

II. Лерам бар де-ненан, церан дог эцар
Баккийчийн сий дина уьш хьехабар
Ца динехь ахь царна цхьа а халхетар
Иманехь хьоьгахь ду лекхара дарж
Корта д1а къоьвлина мас къайла йоккхуш
Динехь а нисделла белахь вайн некъ
Иманехь ду аьлла, елахь ц1е йоккхуш
Дегнашна тосур яц цкъа а мекх

Припев :
Хастам бу я Аллах1, тхан дегнаш хьаста
Иман ахь даларна ца дайта тхо
Исламан хазалла адмашна яста
Хастам бу, хастам бу хиларна Хьо (2 раза)

Зара Хайдарова еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
    Нет видео
    -