Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Зара Хайдарова - Хьомечунна (New 2013) [M95] | Текст песни

Сан дахар хазди ахь,
Хьайн безам белла суна
Ирсе ю, хьоменаг
Хиларна кхоллам хьоьца.
Хан-зама яларах
Дуьне мел хьийзарах
Нур догу седа санна
Лапар ю хьуна стиглахь ( 2 раза )
Припев :
Со хьан дуьхьа ехар ю
Хьан г1айг1анаш ас эшор ю
Вай цхьана ирсе хилийта
Ас Везчу Деле доьхур ду.
Со хьан дуьхьа ехар ю,
Хьо шелонех ас ларвийр ву
Кийрар са дег1ах къасталац
Тешалахь, со хьоьх къаьстар яц
II.
Къестор яц хьоьца ас
Хало ян атто еъча
Муьлханиг хилча вас
Йойъар ю ас и хьоьца
Хьан сий деш даима
Хьан х1усам къагийна
Ахь дагна йовхо елла
Ехар ю со ирсе хилла ( 2 раза )
Припев :
Со хьан дуьхьа ехар ю
Хьан г1айг1анаш ас эшор ю
Вай цхьана ирсе хилийта
Ас Везчу Деле доьхур ду.
Со хьан дуьхьа ехар ю,
Хьо шелонех ас ларвийр ву
Кийрар са дег1ах къасталац
Тешалахь, со хьоьх къаьстар яц.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-