I. Сан дахар хаздеш хьо суна воьвзи
Ма ирсе яра со везнарг цу дийнахь
Дог дара детталуш безамо хьоьстуш
Хьо везаш хьо воьвзаш хеташ дозалла
Припев:
Сан б1аьрхиш дог1анах тарделла 1ена
Со хьоьхи яларна кхоьру хьоменаг
Делахь ас дуьллур дац дог хьоьхи цкъа а
Ехар ю хьоь болу сайн безам ларбеш ( 2 раза)
II. Ойлано хьийзайо хир вуй те бохуш
Б1аьргашна даимна хьо ган ма лаьа
Доьлху дог ца соцуш ма делха аьлчи
Безамо лаьцна со, сан деги везар
Припев:
Сан б1аьрхиш дог1анах тарделла 1ена
Со хьоьхи яларна кхоьру хьоменаг
Делахь ас дуьллур дац дог хьоьхи цкъа а
Ехар ю хьоь болу сайн безам ларбеш ( 2 раза)
III. Цхьа дехар ду хьоьга сан хьоме везар
Вай цхьана кхетийта ирсе дахийта
Нахе а ладоьг1уш, царех а теший
Ма къастаде вайша, сан деги везар
Припев:
Сан б1аьрхиш дог1анах тарделла 1ена
Со хьоьхи яларна кхоьру хьоменаг
Делахь ас дуьллур дац дог хьоьхи цкъа а
Ехар ю хьоь болу сайн безам ларбеш ( 2 раза)
Зарета Селимханова еще тексты
Другие названия этого текста
- Там Высоко В Горах - Б1аьр хиш (New 2014) [M95] (0)
- Зарета Селимханова - Б1аьр хиш (New 2014) [M95] (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2