Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Зезаг Исмаилова - Сан хьомениг | Текст песни

I. Адамаш мел шорта ду
Х1оранне шен рицкъ а ду
Амма сан кийрара дог,
Безам а заз туьйсуш ду

Припев:
Хийла хьуна ойла ас йина
Хийла хьуна б1аьргаш дилхина
Даима хьоьга сатийсина
Сан хьомениг
Хьо цхьаъ ву со ирсе йинарг
Сан б1аьргаш нуьрца а къагийнарг
Сан дахар туьйранах тардинарг
Хьо цхьаъ ву сан хьомениг

II. Боху нийсархоша тиллина
Хьекъал, корта ахь д1абаьхьна
Сайн дагна 1ийжам, лазам беш
Сагатдеш ю боху наб ца еш

Припев:
Хийла хьуна ойла ас йина
Хийла хьуна б1аьргаш дилхина
Даима хьоьга сатийсина
Сан хьомениг
Хьо цхьаъ ву со ирсе йинарг
Сан б1аьргаш нуьрца а къагийнарг
Сан дахар туьйранах тардинарг
Хьо цхьаъ ву сан хьомениг.

III. Безаман б1аьсте йог1ур ю
Вайн сатийсам цо кхачор бу
Вовше хиларна даккхийдеш
Ц1ена безамна хастам беш

Припев:
Хийла хьуна ойла ас йина
Хийла хьуна б1аьргаш дилхина
Даима хьоьга сатийсина
Сан хьомениг
Хьо цхьаъ ву со ирсе йинарг
Сан б1аьргаш нуьрца а къагийнарг
Сан дахар туьйранах тардинарг
Хьо цхьаъ ву сан хьомениг.

Зезаг Исмаилова еще тексты


Другие названия этого текста
  • Зезаг Исмаилова - Сан хьомениг (New 2015) [exclusive M95] (0)
  • Зезаг Исмаилова - Сан хьомениг (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-