I. Г1иллакх долуш, доьналлех а вуьзна
Дукха зама ю сан хьоьх б1аьрг буьзна
Вог1уш-воьдуш соьца г1иллакх лоцу
Хьо воцург сан даго т1е ца лоцу
Х1ун де ас хилчи сан дагна везаш
Кхечу мехкаршка ца буьйцуш безам
Геннара ас цуьнан тидам бора
Кхин езар цо хоржуш суна гора
Мерза набарах а вуьйлуш
Ахьа сан ц1е йохур ю
Припев :
Г1ийла хьан б1аьра хьоьжуш
Сатуьйсуш лела со
Ма хилахьа сел къиза
Цкъа мукъне велало
Сан ойланашкахь висна
Ма хьийзаехьа со
Хьо вог1у сайна вайчи
Сой ирсе хетало
II. Олу мехкарша хьо шайна гира
Ара со ца йолуш долу к1ира
Битахьа и т1ехьло йоцу безамш
Ц1енчу даггара ю со хьо везаш
Наггахь санна со хьан дагчохь яцахь
Безам бийца соьга дагахь вацахь
Кийрар дог сан ахьа парг1ат даккха
Х1ун да деза коьртчур хьо д1аваккха
Вог1ур ву хьайна кеста
Хьуна оьшург со цхьаъ ю
Зули Хусиева еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1