Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

♫♪ Илли - Бераллехь | Текст песни

Бераллехь воле со воьдура лома,
Вуьйлура лекхачу аьрснашна буьххье.
Вала дог дог1ура аьрзонах т1ома,
Геналле хьоьжура т1улга т1е х1утте.

Мелачу мохо со хьоьстура хийла,
Даймехка сурт х1оттош, бай т1е лахлора.
Б1аьрго схьа ма лоццу геналлехь сийна,
Хьалха цкъа-а ца гина меттигаш гора.

Моьттура, цу меттахь духарш ду доца,
Дуьненахь кхин ян яц г1аланаш, ярташ.
Г1ертара 1аламан къайленаш йовза,
Зезагаш лехьадеш дохура барташ.

Тахана воьду со лекхачу лома,
Бералла мелла а д1а яьлла гена.
Ирсечу дахаре хьежарца къома,
Даймехка некъашца ваьлла со лела.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -