Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ильяс Аюбов - Мичахь бу безам | Текст песни

Хьан б1аьргаш ши жовхар 1аьржа
Кегийчу т1улгашлахь харжа.
Шовдана куьзгана хьоьжуш
Леллера т1улгийн лар хьоьшуш.
Мархашка малх битар лоьхуш
Хьан елар марха чохь лоьхуш.
Лаьмнашкахь некъ толлуш г1ийла
Мийлира шовданаш шийла.
Хьа боху, мичахь бу безам
Маьхкарийн туьйра ду и.
Цунна хьан кийра ца богу
Шело ю гул елла чохь.
Цунна хьан кийра ца богу, хо тешалахь
Шело ю гул елла чохь.
И дешнаш сов шортта хилла
Хьа безам кхечуьнга бахна.
Сан безам бисира цхьалха
Лаьмнашкар т1улгийн лар хьоьшуш.
Мархашка малх битар лоьхуш
Хьан елар марха чохь лоьхуш.
Лаьмнашкахь некъ толлуш г1ийла
Мийлира шовданаш шийла.
Хьа боху, мичахь бу безам
Маьхкарийн туьйра ду и.
Цунна хьан кийра ца богу
Шело ю гул елла чохь.
Цунна хьан кийра ца богу, хо тешалахь
Шело ю гул елла чохь.
Хаалахь: даимма бу безам
Малх мел бу хира ма бу и.
Адамаш вовшашна деза
Т1аккха бен кхоллалац и.
Адамаш вовшашна деза кхоьллина
Т1аккха бен кхоллалац и..

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
  • Ильяс Ильяс
    Спустился с крыши чтоб сделать предложение!!!!