Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ильяс Аюбов - Юла х1а | Текст песни

Куплет 1.

Д1абайна чиркх санна шелделла суна
Юрт йистехь, ша цхьалха, лаьтта сан ц1а.
Чуверза дог доцуш цуьнга д1ахьожи
Т1ехволий вог1у со хьоьх б1аьрг тоха.

Припев.

Йолахьа, йолахьа хазйа сан суьйре
Хьайн хаза амалш суна йовза.
Йолахьа, йолахьа, йолахьа соьга
Ц1еначу безамах х1усам ю сан.

Куплет 2.
Хьо сайца хилча со хир вара ирсе
Денна хоьх воккхавеш вехар вар со.
Г1ийла ву моьттина, хьежа соь буьрса
Хьан лаам кхочуш бан вехаш ву со.

Припев.

Йолахьа, йолахьа хазйа сан суьйре
Хьайн хаза амалш суна йовза
Йолахьа, йолахьа, йолахьа соьга
Ц1еначу безамах х1усам ю сан.

Куплет 3.

Д1абайна чиркх санна шелделла суна
Юрт йистехь, ша цхьалха, лаьтта сан ц1а.
Чуверза дог доцуш цуьнга д1ахьожи
Т1ехволий вог1у со хьоьх б1аьрг тоха.

Х1у совг1ат дина хьо реза а яккха?
Х1у аьлла хьаста хьан ловзаме дог?
Хьайн куьйгахь вожавеш, ирсах ма ваккха
Безамах тоьшалла деш йолахьа хьо.

Припев.

Йолахьа, йолахьа хазйа сан суьйре
Хьайн хаза амалш суна йовза
Йолахьа, йолахьа, йолахьа соьга
Ц1еначу безамах х1усам ю сан

Другие названия этого текста
  • Ильяс Аюбов - Юла х1а (1)
  • Ильяс Аюбов - Йола х1а (1)
  • Ильяс Аюбов - йо (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-