Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ильяс Эбиев - Зезагаш (M95) | Текст песни

Хьара куьйга хи тухуш кхиъна зезагаш хазлуш ду луьста,

Хьо гина дог 1або лиъна лаьтта со 1индаг1ехь юьстаг1е,

Кхуьу хьо зезагех тера сатийсам къага беш сирла,

Б1аьрг хьуна ца боккхуш т1ера лела со хьан 1индаг1 хилла.



Лесталаш зезагаш леста, воллу шу куьг хьокхуш хьеста,

Дог дузуш хьожанех чоме, суна а ма ду шу хьоме.



Дуьненахь хьо цхьаъ ю бохуш зезагаш хьоьсту ас луьста,

Хьо йолуширсе со лоруш бехк лоьцу безамна юста,

Со хийла хьан корехь хьело ойлане хилча хьо б1аьрзлуш,

Хьо ела йелча со воьлу, йистхилар дашал а дазлуш.



Д1аяьздо кхетамо хабарш ахь хьайга деш долу шабарш,

Ца оьшу нехан к1ант хьего, со хилча 1ехаван, тило,

Хьай хаза зезагаш марахь йог1у хьо самукъа долий,

Къордадой 1индаг1ехь арахь езарна со дуьхьал волу.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
    Нет видео
    -