Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Имам Алимсултанов - Даймехке Сахьийзар | Текст песни

Кавказан буьрса тIом дIабелира,
Шаьлтанаш бетта чу йихкира.
Цхьацца болу мурдаш шайн цIа бирзира,
Цхьацца волу ваша вешех къаьстира.
Мар-мара хьерчаш, вовшеха къаьсташ -
Оьрсийн паччахьо хьийзора.
Даймехке хьоьжуш, юх-юха боьрзуш
Хийлаза наной билхира.
Мацалла… хьогалла… некъаш хала бара
Цхьацчарна, и бала ца лайна
Махоно хьийзош, дарц хилла аре,
Каш-баьрзнаш гIамро хьулдора.
Мел еха яра Iуьйренаш, мел еха яра суьйренаш,
Халонаш лайра дайша, Даймахках хьоьгуш,
ГIаддайна лелаш, ма хала дара царна.
Хийца елла зама, шераш дIаихна -
Берийн а берашах къонахий кхиъна,
Хезна ду суна, дийцара дайша
Воккха стаг веара, геннара…
ГIелвелла вара, тишвелла, гIийла,
Ламанан юьртан ков-керта веара,
Доккха са даьккина, хи дийхи шена.
БIаьргех хи дели ненан мотт хезна.
ГIиллакх ду нохчийн - хеттамаш ца бан –
«Мичара ву?», «Мила ву?», «Стенгара?»
Хьаша ву хьоме, гIиллакх ду дайшкара -
ХIусам чу кхайкхира, даггара.
Ламазе хIоттина, доIа дина ваьлла
Дийхира цуо: «ЛадогIа шега, -
Шовзткъе шарахь некъ бина веъна,
Юьртара ву со, кхузара.
Имам Шемалца, Кавказан тIемца
Чекхдевлла дара тхо.
И кара вахара мостагIашна,
Даланза ца довлуш тхо махках девлира.
Генарчу махкахь Кавказ гуш гIенах,
Даима сатийсира оха…
Сийлахь тхан Даймохк, хьоме ДегIаста
Ялсмане хетара тхуна…
Хьоме ДегIаста, теша ца теша –
ГIенах дуй-те кхуза кхачарна?..
Хьегаш хьох дара генарчу махкахь,
Бакъ дуй-те хIара, хьо гарна?..
Доьзаллера маршалла хьоьга!
Хьан кIентий бу арахь баьржина,
Соьга аьллера, даггара цара
Хьуна мара кхета шайгара…
Гой хьуна, Даймохк, сан гIелбелла когаш? –
Хьуна тIе некъ бина гIелбелла уьш.
Гой хьуна, Даймохк, сан цIийбелла бIаьргаш? –
Хьан къина билхина цIийбелла уьш.
Воккха ву тахна, сан дехар ду шуьга,
Iовжийначу сан даггара:
Делла а, дисна а махках ма довла,
Барт хили даха даимна…
Гой хьуна, Даймохк?..
Гой хьуна, Даймохк, сан гIелбелла когаш? –
Гой хьуна, Даймохк, сан цIийбелла бIаьргаш –
Хьан къина билхина цIийбелла уьш.
Гой хьуна, Даймохк? Гой хьуна, Даймохк?..»


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
    Нет видео
    -