Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ислам Джамалдинов - Со муха ваьхна те | Текст песни

\" Ibrahim Chechen / Daymhkan az - \"
Даго шена къасти хьо кхи хир яц ва аьлла,
Ма хаза хийтира хьо сай ю ва аьлла,
Ма серли бели бIаьргаш дуьххьара хьо гича,
Кхи дIа ас чIагIо йи даган тIера ца баккха.
Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш,
Кийрара жима дог хьоьга дIа ца далхош,
Малх санна къегина хьо йогIуш ва яйчи,
Хьомениг сан ойла хьуна тIе ма йоьрзу, хьуна тIе ма йоьрзу.
Йелла хьай езар схьа вай ирсан деган некъ,
Даьллахь бIаьргахь дIа, ерзахьа цкъа юха,
Безаман чам кхетта хьийза шун ураме,
Цхьа жимма терго яй тIе эцахь сан безам.
Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш,
Кийрара жима дог хьоьга дIа ца далхош,
Малх санна къегина хьо йогIуш ва яйчи,
Хьомениг сан ойла хьуна тIе ма йоьрзу, хьуна тIе ма йоьрзу .
Ахь олу хаза дош сан синтем бу хьуна,
Соьх лаьцна ен ойла совгIат ду суна,
Геннара бIаьрг кхетча хьуна тIехь хьоьжуш,
Хьох лаьцна ен ойла сан эрна хили те
(2) Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш,
Кийрара жима дог хьоьга дIа ца далхош,
Малх санна къегина хьо йогIуш ва яйчи,
Хьомениг сан ойла хьуна тIе ма йоьрзу, хьуна тIе ма йоьрзу.

Ислам Джамалдинов еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2