Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Йа АллахI, Йа АллахI Дела! - Iарби Гермчера | Текст песни


1
Азаллехь хьан са кхоьллина,
Доллучу синошка дуьйна схьа, кхаъ хилла веанарг,
Доллучу халкъана хьо вовзуш веанарг,
Элчарчийн ва Элчи шапаIат дехьа.
2
Дала КъорIа хьайга доссинчу дийнахь
КъорIанца, Iилманца, асхьабаш кхетабеш веанарг,
Асхьаби тобунца малхбалехьа-бузехьа, шариIат даржадеш веана,
Стигланаш, латтанаш, вай Дала хьан дуьхь, латтош волу Элчи шапаIат дехьа.
3
И бархIи ялсамани вай Дала хьан дуьхьа кхоьллина
Ялсмани ниIматаш, беркаташ вай Дала хьан дуьхьа кечдина
Ялсмани неIараш тIехь вай Дала, хьан цIераш язйина веанарг
Стигланаш, латтанаш, вай Дала хьан дуьхь, латтош волу Элчи шапаIат дехьа.
4
Азаллехь Делаца мах бина веанарг
Вай Дала Элчанах дагвуьйлуш веанарг
Вай Далла, Элчанна дукха везаш веанарг
Ва Хедин, Кишин воI тхан долу дехьа.
5
Стиглана Iаршашка хьо вуьйлуш веънарг
Стиглана ва некъаш хьо довзуш веънарг
Аввали-Эхари го лаьцна веънарг
Ва Хедин, Кишин воI тхан долу дехьа
6
Стиглана Iаршашка хьо вуьйлуш веънарг
Ва Делан хазратехь хьо хIуттуш веънарг
Делаци, Элчанци дагвуьйлуш веанарг
Ва Хедин, Кишин воI тхан долу дехьа
7
Стиглана Iаршашка хьо вуьйлуш веънарг
Маликин эскараш хеставеш веънарг
Ва Делан Iаршан го, хьо ловзош веънарг
Ва Мати-Хьапти ваш, тхан долу дехьа
8
Малхбале хьо вуьйлуш веънарг
Иблиси тобанна тур хьоькхуш веънарг
Имана охIлунна кхаъ хилла веънарг
Ва Хедин, Кишин воI тхан долу дехьа

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-