Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Йисита Ганукаева - Байлахь йиссина йоьlан илли | Текст песни

Хьо ма яла, хаза б1аьсте, дог ца дог1у хьоьга хьежа,
Хьо яларе сатийсинчу, эсил ненах яьллий со-ма.
Хьо яларе сатийсинчу, йинча ненах яьллий со-ма.

Ма лепахьа бай т1ехь, зезаг, дог ца дог1у хьоьга хьежа,
Хьо даларе сатийсинчу, нанас йинчух яьллий со-ма.
Хьо даларе сатийсинчу, нанас йинчух яьллий со-ма.

Хьо ма дека, можа хьоза, ма к1ордийна хьоь ладег1а,
Хьо декаре сатийсинчу, эсил дадех яьллий со-ма.
Хьо декаре сатийсинчу, эсил дадех яьллий со-ма.

Хи кхачийна ч1ара санна, нур кхачийна седа санна,
Г1ийла ю со, сан нийсарой, бенах яьлла лела дела.

Хьалха ваккха ваша воцуш, дагар дийца йиша йоцуш,
Дада воцуш, нана йоцуш ма дуьсийла, сан нийсарой.

Вай ирс я1 шун, сан нийсарой, яла йолла шун ирс хеташ,
Шаьш суьйранна чу дирзичи, дада вуй шун баьрчехь вехаш.

Вай ирс я1 шун, сан нийсарой, яла йолла шун ирс хеташ,
1уьйранна ара довлуш, нана юй шун дага довла.

Со суьйранна чу ма йоьрзу, акха хуьйшу кхокху санна,
1уьйранна ара йолу, акха дека хьоза санна.

Йисита Ганукаева еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2