Мархашца язъйина безаман йоза
Ма хаза дара вай доьвзина денош
Хьо суна йоьлуш, хьан б1аьра хьоьжуш
Ма дагахь дацара дужур ду аьлла
Ас хьуна кхиийна сан ирсе зезаг
Багабеш кийра, елира гена
Припев :
Хьан ойла буьйсанна ас дукха ярна
Сан дагна хьо езар дазделла ч1ог1а
Хьох къаста сан йиш яц
Сан безаман туьйра.
И г1айг1а буьсанна сов йолу суна
Йолахьа г1енашца доьхна дог эца
Хьо йицъян сан йиш яц
И хаац те хьуна.
II.
Вай вовше къастийна, д1аяьлла зама
Вайн безам бицбина вуьтуш со цхьалха
Шийла 1а кхечи, вайшинан беша
Хьо юха йог1ур яц, кхин гур яц хьо суна
Ирс доцу кхолламаш ас лехна хилла,
1адика йойла, марша хьо 1ойла
Припев :
Хьан ойла буьйсанна ас дукха ярна
Сан дагна хьо езар дазделла ч1ог1а
Хьох къаста сан йиш яц
Сан безаман туьйра.
И г1айг1а буьсанна сов йолу суна
Йолахьа г1енашца доьхна дог эца
Хьо йицъян сан йиш яц
И хаац те хьуна.
Лариса Иризиева еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1