Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Лариса Садулаева - Ма ирсе йина Далла со | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Iуьйренца набарх йоккхуш со,
Хьан хаам соьга кхечийра,
Хьо кху дуьнен чохь хиларо,
Сан дахар хаздина ..
Сан Iуьйренаш ахьа декъала йо,
Кехатан хIора могIанца..
Хьан соьга болчу ларамца..

Ма ирсе йина ДАЛЛА со,
Дагахь а доцуш вовзарна хьо..
Сингаттамо со гIелйича,
Ахьа дог деладо..
Ма мерза ю хьоьх ойланаш..
Хьо гича йицло сан гIайгIанаш..
Мел дукха зерах дахаро..
Вай къаста ца ло..

Аса хIинццалц лайнарг дицдина..
Хьо суна вовзар эрна дац..
Хьайн дикаллех со тешийна,
Хьо саннарг цхьа а вац..
Суна мел дезнарг хьоьца ду..
Хьан хIора дикчу амалца..
Даггара соьца хиларца..


Другие названия этого текста
  • Лариса Садулаева - Ма ирсе йина Далла со (0)
  • ма ирсе йина ДАЛЛА со - Дагахь а доцуш вовзарна хьо.. (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • Ма ирсе йина ДАЛЛА со .. Ма ирсе йина ДАЛЛА со ..
    Ма ирсе йина ДАЛЛА со, Дагахь а доцуш вовзарна хьо.. Сингаттамо со гIелйича, Ахьа дог деладо..