I. Къаста дийзи тахана вайн
Ца моьттара къаьстар ду
Хьоьха къастар ца лайна
Сан жима дог г1елделла
Припев :
Кхин хьо веза пурба дац
Хьоьца яха сан йиш яц
Безамо хьо хьоьстур вац
Хьесто меттиг битна бац (2 раза)
II. Кхечуьнца со ехар ю
Хилла беза бицбийр бу
Цуьнци ирсе ехар ю
Дахар карладера ду
Припев :
Даго суна хьоьхур ду
Дуьне деза 1амор ю
Т1аккха ирсе ехар ю
Дуьне суна доьвзур ду (2 раза)
III. Вайна безам карор бац
Баьгна седа боьрзур бац
Ирсан седа багарна
Цунна бехке со ма яц
Припев :
Хьо везаш со лийлира
Х1етте къаста дийзира
Хьо веза ца йитира
Хилларг дицдан дийзира (2 раза)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1