Сан даго кхойкху хьоьга синтем боцуш,
Б1аьргаш лоьху хьо гаре сатуьйсуш,
Волахьа, кхачахьа сан деган везар,
Безаман б1аьрхишца до аса хьоьга дехар.
Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.
Хьан дагна йовхо луш ю яга кийча,
Нагахь хьо безамах дог тешош хилча,
Сатийсар эрна ду ма ала соьга,
Хьо вовзар ирс хеташ хьоьжур ю хьоьга.
Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.
Мадина Хамидова еще тексты
Другие названия этого текста
- Мадина Хамидова - Са даго хаьржинаг хьо цхьаъ ма ву (1)
- Мадина Хамидова - Хьо цхьа1 ма ву (0)
- нохчи Мадина Хамидова - Хьо цхьа1 ма ву (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2