Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Майрбек Хайдаров - Лунный свет | Текст песни

Жима хенаш дуьхьал хуьттуш наб ца кхета буьйсана,
Хьоьца нисцабелла безам бисна дагчохь даимна,
Ас цу хенахь йина ойла, вагавора безамо,
Дахна иза хета туьйра, битна даган т1ехь цо ше мо.

Беттаса ду стиглахь кхерсташ дашо серло яржийна,
Сиха йоьлху хецна говраш, ойланаш сан оьци д1а.

Тахана сайна йог1уш гича, со а тийна лаьттара,
Хьан куралла яхна мича, иза-м южуш хиллера,
Амма даго тоьтту гена вайна безаман яйна ц1е,
Ялац б1аьсте шарахь шозза, долу зезаг байт1ехь цкъа.

Майрбек Хайдаров еще тексты


Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
    Нет видео
    -