Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Макка Межиева - Атта ду шуна ала (New 2014) [M95] | Текст песни

Ала атта ду и нана,
Зуд йолу стаг 1адда вита
Ахьа-м елхий со дов дина
Берриге сан бехк а бина.
Безам бахьнехь эрна дуьйцу
Ойла безамо ца хуьйцу
Ас х1ун де и везаш хилча
И бен х1ума гуш ца хилча
Припев:
Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли
Безам чехош бала хьийги
Ахь со эрна елхайора
К1анта говза 1ехайора ( 2 раза )
II.
Хийла хетарш наха дуьйцу
Хийла ца терг цара вуьйцу
Шайна луург суна дуьйцу
Йиш яц вайшин кхоллам хийца
Цуьнан машен йог1уш яйчи
Хаза б1аьргаш доьлуш дайча
Ахьа-м зуда юьйцу нана
Суна-ма сой б1аьрзе хета
Припев:
Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли
Безам чехош бала хьийги
Ахь со эрна елхайора
К1анта говза 1ехайора ( 2 раза )
III.
Безам бахьнехь эрна дуьйцу
Ойла безамо ца хуьйцу
Ас х1ун де и везаш хилча
Сан кийрахь х1ума ца хилча
Ойланаш цхьатерра яц,
Безамаш цхьатерра бац
Орамаш цхьатерра дац
Берриге сан бехк ма бац
Припев:
Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли
Безам чехош бала хьийги
Ахь со эрна елхайора
К1анта говза 1ехайора ( 2 раза )
IV.
Сирчу динахь нислой вог1у
Дала бохург и ду бохуш
Соьх д1акъастахь дуьне доцуш
Ас и муха вита веза.
Ахь чехаеш со елха йо
Цо цхьа говза гехайо
Ас х1ун де те йина нана
Хьуна цхьа а ма ца го.
Припев:
Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли
Безам чехош бала хьийги
Ахь со эрна елхайора
К1анта говза 1ехайора ( 2 раза )

Макка Межиева еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1