Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Макка Межиева - Органа тулг1е | Текст песни

Дагара ца йолу цхьа буьйса суна,
Буьрса ткъес деттара нур лепачу стиглахь,
Органо шен тулг1е мохь олий йекайо,
Кхи ала дош доцуш ма дукха вийзи хьо.

Шовданаш г1ар йина хетара тийна,
Буц кхоьруш йижина ийнера лаьттаха,
Сан нийса нийсархой бахарна тобели,
Ва елла ялариг яхарах юьйхи со.

Карзаха яьллачу 1уьно шен пенаш,
Лестадо моьттура къаьхкабеш бода,
Олхазарш бенаш шай д1атуьйсуш лечкъара,
Хин тулг1е шабаршца сан лерехь екара.

Амма хьуна хезаш яц ас хьайна ен ойла,
Д1абаха тулг1енца вайшинна безам,
Йелар со хьо санна болата дог долуш,
Ца хиллачу кхолламна са тоха ницкъ болуш.


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-