I. Х1ун хилла те,х1ун хилла вайн безамна, хьомениг Дерриг сан са хьан сине кхоьвдинера Со-м тешара, дог дешара Ахь до1у са соьх хьерчара Дуьне а латта суна хьийзара
Припев: Ас ойла ца йина, г1айг1аналла самах дуьзна дог Ас Деле баьхна мерза безам бара хьо Хьо сайн дуьхьа ву кхоьллина Со хьан дуьхьа ю моьттура Дог1анан марханах таръелла тахна со ( 2 раза )
II. Бицбелар те хьайн безам шерашкахь кхиъна алар Х1ун бахьана ду те хьо сел хервалар Ас ч1аг1о йо-кх дерриге дуьне доьххьала даларх Хьан лаам ларбеш яла кийча хир яра
Припев: Ас доьху доьху хьоь, хьомениг даггара езнехь со Бигийта соьга вай безамна туьйране Хир яц со реза яла хьоьх, хьоьх ялар суна ялар со Хьо ву-кха, хьомениг, сан ирсан эла ( 2 раза )
III. Ас до1у, до1у са хьомениг хьан ц1арца, кхетахьа Хьо ца гуш яьлла минот хета шералла Мел ч1ог1а хала хиларах, со лелар яра хьан ларах Со дийна мел ю догур ду дог хьан ц1арах ( 2 раза )