I.
Къолам дай ловзар
Уьш боьхна хьовзар
Тхьамдас мохь бетта
Ноьвцо топ етта
Нускал вахь кхетта
Хьо ма да адме ( 3 раза)
II.
Кур к1енти къаьркъа мелла бу
Мотт бостуш долларш делла бу
Кест-кеста муьйлуш
Чу-ара буьйлуш
Шайн г1од-юкъ къуьйлуш
Хьо ма да адме ( 3 раза )
III.
Ловзар дац цхьа юрт гулъелла
Хьешашна меттин гаттъелла
Хелхарш до къуьйсуш
Ахча ду кхуьйсуш
Къе нах бу хьуьйсуш
Хьо ма да адме ( 3 раза )
IV.
Лач1къийна етт бу баош берг
Ц1ахь дина спирт ду мийлош дерг
Ноьвцо - хьешашна
Кхино - мехкаршна
Мардас - жерошна
Хьо ма да адме ( 3 раза )
V.
Вехна стаг г1отту, и вужу
И г1атто г1ертарг т1е вужу
Царех ца кхеташ
Уьш доьвне хеташ
Нах вовшех леташ
Хьо ма да адме ( 3 раза )
Марем Ташаева еще тексты
Другие названия этого текста
- Марем Ташаева - Ловзар - забаре йиш (M95) (0)
- ► ۩ Нохчинская тема - Марьям Ташаева-Ловзар - забаре йиш (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1