Дуьххьарлера безам – сан деган тийжам,
Дуьххьарлера безам – сан деган Iийжам.
Хьох вала хала ду, сан хан дIаяларх,
Хьох ваьлча дуьне дац, велла дIаваларх.
Ма даха, жима йоI, ахь даккхий и синош
Дуьххьарчу безамах хьо яьлла, бохуш.
ДогIура ду, догIура ду малх кхетта денош,
Керлачу безаман буто ша лалош.
Алийша, нийсархой, хир вуй-те цхьа а
Дуьххьарчу безамо Iовжонза ша?
Хийла йоI елхий цо, бIаьрхиш а ледош,
Хийла кIант вагий цо, дагна чов еш.
Ма даха, жима йоI, ахь даккхий и синош
Дуьххьарчу безамах хьо яьлла, бохуш.
ДогIура ду, догIура ду малх кхетта денош,
Керлачу безаман буто ша лалош.
Марина Айдаева еще тексты
Видео
Marina Aydaeva döharlera bezam Марина Айдаева ... Marina Aydaeva döharlera bezam Марина Айдаева Дюхарлера безам. Madina565 ...
Оценка текста
Как вам текст?
1 out of 5
2 out of 5
3 out of 5
4 out of 5
5 out of 5
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1