Дуьххьарлера безам – сан деган тийжам,
Дуьххьарлера безам – сан деган Iийжам.
Хьох вала хала ду, сан хан дIаяларх,
Хьох ваьлча дуьне дац, велла дIаваларх.
Ма даха, жима йоI, ахь даккхий и синош
Дуьххьарчу безамах хьо яьлла, бохуш.
ДогIура ду, догIура ду малх кхетта денош,
Керлачу безаман буто ша лалош.
Алийша, нийсархой, хир вуй-те цхьа а
Дуьххьарчу безамо Iовжонза ша?
Хийла йоI елхий цо, бIаьрхиш а ледош,
Хийла кIант вагий цо, дагна чов еш.
Ма даха, жима йоI, ахь даккхий и синош
Дуьххьарчу безамах хьо яьлла, бохуш.
ДогIура ду, догIура ду малх кхетта денош,
Керлачу безаман буто ша лалош.
♥ ●• °*”˜˜”*°•.Марина Айдаева еще тексты
Другие названия этого текста
Марина Айдаева - Дуьхьарлера безам (0) ♥ ●• °*”˜˜”*°•.Марина Айдаева - Дюххарлера Безам (0) красивая - сун хьо веза (0)
Оценка текста
Как вам текст?
1 out of 5
2 out of 5
3 out of 5
4 out of 5
5 out of 5
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1