I. Безаман хаза йоза 1амий ахь хьайца деша,
Самукъа дийларца хьо волчу г1ерта со.
Хьан елар хаза хета хьан хьежар эсал хеташ,
Дагчуьра ца йолу хьо дийнахь буьйсанна.
Припев:
Сан безам д1а ца тоьттуш,
Кураллий некъ ца хоьржуш.
Сий делахь мерза безаман,
Езар хьой езнарг ларий.
Ца кхуош хьайн дог суна,
Ялахьа ирсан некъа хьо. (2 раза)
II. Алахьа мерза езар, со воцург кхин ца веза,
Дерриге дахар соьца лоьхуш лела хьо.
Сан безам мерза хилла, хилла и ц1ена доггах,
Ларамза ахь т1е эца хьайга кхийдош берг.
Припев:
Сан безам д1а ца тоьттуш,
Кураллий некъ ца хоьржуш.
Сий делахь мерза безаман,
Езар хьой езнарг ларий.
Ца кхуош хьайн дог суна,
Ялахьа ирсан некъа хьо. (2 раза)
Мехди Хизриев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2