Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Милана Эдилсултанова - Хьомениг (New 2014) [exclusive M95] | Текст песни

Ма хаза хьоьжу хьо, хьомениг, соьга геннара,
Дагах чекхдолу б1аьргийн нур со гина яцара..
Сел мерза безам сай хирг хилар, дагахь дацара,
Безаман марзо хьоьца бен евзина яцара..

Хьийза дуьне, ирсе дуьне, хьо соьца хиларна,
Хьийза дуьне, ирсе дуьне, со хьоьца хиларна..
Зезагийн мур ахь суна кховдийра,
Сай деган кор ас хьуна диллира...

Хилийта доьху ас со ирсе х1инца санна,
Суна ца елла йовхо, ахь лур яра хьанна?
Ас ДЕЛЕ доьхур ду хилийтар вайшиъ цхьана,
Хьомениг, хьоьца йоцуш яха лууш яц хьуна..

Хьо вевзичхьана хьан ойла йо ас даимна,
Хьан сибат ду б1аьргашна хьалха лаьтташ, хьоменарг..
Ца оьшу дуьненчохь мел еха суна кхин х1ума,
Сай дог мел деттало хьан даге кхийдар ю хьуна..

Милана Эдилсултанова еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -