✅ - Стигланаш хиллера латтана куро яш
⭕⭕⭕
Стигланаш хиллера латтана
куро яш, Мухьаммад-Пайхамар
шайца ву, бохуш.
– Ва малх, бутт, седарчий шена
чохь ду, бохуш, ша ези ю хьуна
AлхьамдулиллахI.
Вай Дели маликаш, малики
тасбиIаш, рукуъаш-сужудаш
шена чохь ду хьуна.
– Вай Дела нуьраца ша лепаш ю
хьуна, ша ези ю хьуна
AлхьамдулиллахI.
Вай Дели Ловхьал-Махфуз
шена чохь ю хьуна, бархIе а
ялсамани ниIматиш шена чохь
ду хьуна.
– Вай Дели хазнашкахь ша
сецна ю хьуна, ша ези ю хьуна
AлхьамдулиллахI.
Вай Дели вовзар хаза нур
шех гучу дуьйлуш ду хьуна,
хазалий-хазнашкахь хьо деззи
ду латта.
– Латтано ма аьлир ша теIна
гIелделла, и вай Дели болх бу-
кха AлхьамдулиллахI.
Дала Ше цIарах цIе хIоьттина,
Ше нуьрах-нур делла, долучу
Iаламехь эли вина Mухьаммад
лаьтти тIе воьссира.
– Вай Дели вовзар хаза нур
лаьттах дIахьарчира, латтанаш
дазделир AлхьамдулиллахI.
Латтано ма элир цу хазчу
стигланашка, хIинци аш шеги
ладогIийша ва хаза стигланаш!
– Ахь хьайна чохь ю, бохаш
шена куралеца мел йийцина
йолу, ерриге ниIмати серлонаш,
Дала ше дуьхьа кхоьллина
Mухьaммaд ше букъа тIехь ву
хьуна, ша дези ю хьуна
AлхьамдулиллахI.
Стигланаш къаръелир.
Латтанаш дазделир,
Mухьaммaд-Пaйxaмaр шена тIе
воссарна. Mухьаммада умматах
вай Дала вай кхолларна, цу вай
Далла хастам бу
AлхьамдулиллахI
⭕⭕⭕
Мохмад (Заки-юрт) еще тексты
Перевод Translate.vc
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1