Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

●♫ [ Музыка Кавказа ] ♫● - Цхьана хир ду вай | Текст песни

I. Х1инца-м воьду со кхечу махка ваха,
Пекъар езаш хьо воьду и ма баха.
Дог ас доьллур дац доьху сох ма кхарда,
Т1еххьара хьо гарх хир дуй дагна дарба.

Х1унда воьду хьо б1аьрхиш дагчохь гулдеш,
Юьтуш яха со ирсан заза гулдеш.
Ас а лелор ду Дала сайна делларг,
Зама йог1ур ю вовшийн диц а делла.

Припев:
Кхин вай гур ца гур хаац мел ду дахар,
Ас сайн б1аьргийн нур дуьту хьоьца даха.
Эзар-эзар шо, б1е эзар шо даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх.

II. Х1инца-м воьду со ца ваьллачу денна,
Хьоьца дуьтуш дог, амма хаац стенна.
Со а лелар ву дахарах ца туьллуш,
Доьг1нарг хир а ду, ца доьг1нарг ца хуьлу.

Т1аьххьара вай гуш вовше б1аьра хьоьжуш,
Эрна дуьйцу вай тахна мел цаоьшург.
Ала лиънадерг коьрто схьа ца лоцу,
Д1а къастаран хан мел йоца ю йоца.

Припев:
Кхин вай гур ца гур хаац мел ду дахар,
Ас сайн б1аьргийн нур дуьту хьоьца даха.
Эзар-эзар шо, б1е эзар шо даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх.

Другие названия этого текста
  • Шах Ислангириев и Лариса Садулаева - Цхьана хир ду вай (New 2015) [exclusive M95] (1)
  • ●♫ [ Музыка Кавказа ] ♫● - Цхьана хир ду вай (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-