Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Мурад и Зураб Байкаевы - Зама (New 2016) [M95] | Текст песни

I, Бераллехь вайн дуьне мел доккха хетара,
Меллаша д1айоьдуш хетара хан.
Дуьне къахьло аьлча цунах ца кхетара,
Мотта ца моьттура со лур ву къан.
Йовхонах хьоьгуш хан йог1у шелвелча,
Жималлин шен хенахь ца бо вай хам.
Марзо а д1айолу къаьхьа кад мелча,
Къанвелча д1аболу дуьненан чам.

Припев :
Зама къайлах хьан боларан ас тидам бора,
Хьан х1ора амалан маь1на а гуш.
Дуьненан да ву ахь цкъа х1оттий гора,
Соьл ирсе цхьа вуй те хета а луш.
Зама ахь вадавой со цкъа мархашка хьора,
Дог 1еха долитий хоьцура чу.
Лаьттах а кхетий со ваьржий д1аг1ора,
Гулвой ахь юха са кхуллура чу.

II. Хьоьца ас къуьсур дац ницкъ бу хьан шорта,
Ахь къанво хеназа ахь шел а во.
Дуьне а дахар а хьо хийца г1ерта,
Къонахийн дегнаш хьоь къар ма ца ло.
Т1аьххьарчу хенахь со хьоьх ма ца кхета,
Яц ян хьо г1ерта те сан йисна хан.
Суна-м со башха кхин ваьхна ца хета,
Хетало буьйсанна гинарг ду г1ан.

Припев:
Зама, ма хаа суна хьо соьл тоьлар юйла,
К1еззиг бен ца йисний сан яккха хан.
Ткъа хьуна хаарий со кийча вуйла,
Ца къарлуш д1акхехьа муьлха некъ хьан.
Зама, суна эхь хета и хан Деле еха,
Х1ун хаа йоьхурхг ю кхечунна хан.
Хийла к1ант ваьхьи ахь дуьненан меха,
Къонахий чакх бовлахь сий хир дац хьан.

Зама, со тахна т1аьххьара ву хьоьга доьхуш,
Са-м корта 1алашо дан диснарш ду.
Тахна со мукъамна ву дешнаш лоьхуш,
Кхана и д1аала лууш а ву. (2 раза)

Мурад и Зураб Байкаевы еще тексты


Другие названия этого текста
  • Мурад и Зураб Байкаевы - Зама (New 2016) [M95] (0)
  • Мурад и Зураб Байкаевы - Зама (0)
Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1