Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Мурид - Пайхамараш - Устазаш | Текст песни

Пайхамараш - Устазаш

Азаллехь синошка дуьйна схьа пайхамараш билгала хилла
Умматан долу деш вай Элча хилла
ТIаьххьара веана Пайхамар хилла
Тхо цуьнца гулделахь я АллахI-Дела!

Cиношкахь цуьна кхоллар ва хьалхе хилла
Дуненчу ва валар цуьна тIаьхьа хилла
Пайхамарал вазвина Пайхамар хилла
Тхо цуьнца гулделахь я АллахI-Дела!

Элчана доьзалаш мел гlийла хилла
Петlимат Элчанна бlaьргийн са хилла
Хьасанна, Хьусайна ша нана хилла
Тхо цаьрца гулделахь я Аллахl-Дела!

Сийдолчу Макки чохь вай Элча вина
Мухlажар ва хилла Mадине веана
Мадинатa халкъано везаш тlелaьцна
Тхо цуьнца гулделахь я Аллахl-Дела!

Ша вина шен нана Аминат хилла
Кхиийнар, лелийнар Хьалимат хилла
laбдуллахl да волуш вай Элча хилла
Тхо цуьнца гулделахь я Аллахl-Дела!

Синошкахь дуьйна схьа Устазаш билгала хилла
Муридийн долу деш Киши воl хилла
И Хеди Киши воl вай Устаз хилла
Тхо цуьнца гулделахь я Аллахl Дели!

Синошкахь цуьна кхоллар ва хьалхе хилла
Дуненчу ва валар цуьна тlехьа хилла
Элчанна умматан lу хилла веана
Тхо цуьнца гулделахь я Аллахl-Дела!

Сийдолчу Иласханe вай Хьажи вина
Лекха и Эртанe веана хилла
Эртана-коьртa белхабеш махкаха ваьлла
Тхо цуьнца гулделахь я Аллахl-Дела!

Ша вина шен нана ва Хеда хилла
Кхиийнар, лелийнар ва Мата хилла
И Киши да волуш вай Хьажи хилла
Тхо цуьнца гулделахь я Аллахl-Дела!

Мурид еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1