Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Назам - Жуьгти молла | Текст песни

✅ - Жуьгти молла

⭕⭕⭕

Иман Ислам кхайкхош, Элчи вола велчи
Элчана тоба са яла яьллачу хенахь
Цхьана шоьта ва дийнахь и шен товрат даржина
цу чу хьоьжуш хиллера цхьа жуьгти ва молла.

Цу товрат чохь хеставеш и вай Элчи Мухьаммад
Еа меттехь карийра цу жуьгти моллина
И еа ва йохийна, товрат вовшех ва тоьхна
Ша ойла ян ма велир и жуьгти ва молла.

ШозлагIа товрат схьа эцна, цу товрат чу ма хьаьжир
БархIи меIIехь карийра, вай Элчана возалла
Уьш бархIе а йохийна, товрат вовшех ва тоьхна
Ша ойла ян ма велир и жуьгти ва молла.

КхозлагIа товрат схьа Эцна цу товрат чу ма хьаьжир
Шийтта меттехь карийра вай Элчана возалла
Ша ойла ян ма велира и жуьгти ва молла
яра дерриге шен Товрат, Элчи хаьстош ма хилла.

И вай аьлчи мухьаммад цу чохь хестош ва вайчи
Цо шен нахе хаьттира и стаг мила ву те-хьа
Оцу маккахь, мединехь бозбуанчаллаш леладеш
Нах тилина стаг ву и, цуьнги аьлла хиллера.

Цаьрга пурба даькхина ша ваьлла ма вахар
И жуьгти ва молла оцу Макка Медине
Салман бохуш цIе йолуш, цхьа нуьре стаг вайнера
Цуьнга салам делир цо и Мухьаммад ву моьттуш.

И вай Элчи кхелхина кхозлагIа ва де хиллера
Элчи кхалхар хьулдина асхьабашна тIе вигар цо
Асхьабашна тIе кхаьччи, цаьрга салам делир цо
Ассаламу Iалайкум я Мухьаммад Пайхамар.

Салам эца да воцуш, боьлхуш охьа ма ийгир
Ва Элчана асхьабаш,
Цара маьхьарий ма хьаькхир, хIай хьо мила ву техьа
Яра дегний тхан чевнаш, даръеш керла йохуш верг.

И вай Элчи дIа кхалхар, асхьабаша дийцичи
Мохь олуш ша ма вуьжир ва жуьгтий ва молла
Я робби хIай са Дела, ахь кхолланза ша велар-кха
Яра докха къемат де шен бIаьргашна ца гайта.

Элчана каш тIе ша вигар, асхьабашка дийхир цо
Лаьцна хьала гIаттийна Элчана каш тIе вигира
Элчана каш воьжна, ша Элчанна вилхира
Шен бIаьргеха хиш совцалц ше бIаьргеха цIи оьхуш.
Элчана ровзате веана, Элчанна ша вилхира
Шен бIаьргеха хиш совцалц ше бIаьргеха цIи оьхуш.

Я робби хIай сан Дела, ас хьоьца дуьлла сай Иман
Айхьа къобал деш делахь, хьайна дуьхьала вигахь ша
Дала доIийна жоп делла, декъала хилла и кхелхира
Турпал Iелас кеч вина, Элчана гергахь дIа воьллира.

⭕⭕⭕

Назам еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1