✅ - ИбрахIиман гIурба
⭕⭕⭕
Ибрах1им вола ма велир, шен к1ант Исма1ил ва эцна
И шиъ воьдуш ма кхечур 1араф лам т1е, цу Мине
Коьрта б1аьриг белха беш, кийрара дог делха деш
Дала элира ва шега, хьуна урс хьакха Исма1ил
хьайна цунах х1ун хета, алахьа шега Исма1ил.
➖
Ша ма реза ву хьуна, ша ма муьт1ахь ву хьуна
Собаре к1ант вай ша ма, Везачу Делан кхоьлана
Ша цхьа весет до хьоьга, шена везна шен Дада
Когаш, куьйгаш д1адехкалахь шен, ша ветта ца валийта.
➖
Шен юьхь лаьтте ерза елахь, шен юьхь хьайна ца гайта
Хьай бедар ц1ийх ларъелахь, шена ял сов хилийта
Хьай урс ч1ог1а ира делахь, шена атта хилийта
Ахьа ша кхоа ма велахь, хьайгара бехк ца баккхийта.
➖
Шен коч шен нене д1а лолахь, ша цунна виц ца валийта
Шегара маршалла алалахь, цунна ца там ма белахь
Шеца лоьвзина бераш, ахьа шен ненаха ларделахь
Ша цаьрца ловзаш ца вайчи, иза йоьлхуш лелар ю хьуна.
➖
Ахьа шен когаш, куьйгаш д1а дехкар сурт, шен нене ма дийцалахь
Ахьа шена урс хьакхар сурт шен нене ма дийцалахь
Когаш, куьйгаш д1а дастий, ахь ша маьрша виталахь
Собаре хир вай ша ма, халилуллах1 Ибрах1им.
➖
Ибрах1има урс хьаькхир, Исма1илах ца летара
Ибрах1има ойла йира,х1ун ду техьа урс ца латар
Оьг1азалла сов яьлла, Ибрах1има урс туьйхир
Ломаха чхьар хадийна, чхьерах ши дакъа динера.
➖
Ибрах1има ма элара: Дилха хада ца дира ахь
Т1улгаха ши дакъа дир ахьа, иза х1ун 1аламат ду теша?
Т1аккха уьрсо элира: хьо ваго ц1арга кхоьссачи
Хьо д1авихкина т1аьргаш яга а яьгна, хьо ца вогаш х1унда висар?
➖
Ибрах1има ма элира: Делера омро хилар-кха
Ц1аре шал ло ва аьлла, т1аккха ц1е муьт1ахь хилар шена
Т1аккха уьрсо элира бах, ахьа ша хьакха кеч дичи
Масийтаза вай Дала, ма хада велахь элир шега
Т1аккха Джибрил деар бах, ялсаманера ка балош
Дала къобал дойла-кха я Ибрах1им хьан г1урба.
⭕⭕⭕
Назам еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2