✅ - Пайхьамараш - Устазаш
⭕⭕⭕
Азалехь синошка дийнасхьа пайхьамараш билгала хилла
Уммати долу деш тхa Элчи хилла
ТIехьари веана Пайхьамар хилла
Тхо цуьнци гулделахь, яь АллахI-Дели!
➖
Cиношкахь цун кхоллар ва хьалхе хилла
Дунен чу ва валар цун тIаьхьи хилла
Пайхьамарал возвина Пайхьамар хилла
Тхо цуьнци гулделахь, яь АллахI-Дели!
➖
Элчанна доьзалаш мел гlийли хилла
Петlимат Элчанна бlaьрги са хилла
Хьасайна, Хьусайна ша нана хилла
Тхо цаьрци гулделахь, яь Аллахl-Дели!
➖
Сийдолчу Макки чохь тxa Элчи вина
Мухlажар ва хилла Mадине веана
Мадинатa халкъано везаш тlелaьцна
Тхо цуьнци гулделахь, яь Аллахl-Дели!
➖
Ша вина ше нана Аминат хилла
Кхиинар, лелинар Хьалимат хилла
laбдуллахl да волуш вай Элчи хилла
Тхо цуьнци гулделахь, яь Аллахl-Дели!
➖
Синошкахь дийнасхьа Устазаш билгала хилла
Муриди долу деш Киши воl хилла
И Хеди Киши воlа тxa Устаз хилла
Тхо цуьнци гулделахь яь Аллахl Дели!
➖
Синошкахь цуьн кхоллар ва хьалхе хилла
Дунен чу ва валар цуьн тlехьи хилла
Элчанна умматан lу хилла веана
Тхо цуьнци гулделахь, яь Аллахl-Дели!
➖
Сийдолчу Иласханe тха Хьажи вина
Лакха и Эртанe веана хилла
Эртина-коьртa белхабеш махкаха ваьлла
Тхо цуьнци гулделахь, яь Аллахl-Дели!
➖
Ша вина ше нана ва Хеди хилла
Кхиинар, лелинар ва Мата хилла
И Киши да волуш тха Хьажи хилла
Тхо цуьнци гулделахь яь Аллахl-Дели!
⭕⭕⭕
Назам еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3