Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Неизвестен - Назам-Мухьаммад | Текст песни

[Маккехь винчу] ва Элчи
[Макки чура] хьажийна
Элчи ч1ог1а вилхир бах
Макка езаш хиларна
Лууш къастин ваци ша
Хьан латтеха ва Макка
[]
Деле доьху []
Т1аккха Джибрил деар бах
Элчи воьлхуш г1елвелча
Цун б1аьргеха долу хи
Лаьтта кхаьчна далале
Хьоьга бакъо кхайкха ян
1ор1а досси вай Дала
Х1о Маккечу толамца
Хьо воуьйтур ву боха
Хьо Маккеха ваьккхина
И къурейши ва элий
Хьоьга г1одар ва доьхуш
Той боькур бу Мухьаммад
И къурейши [1алалла]
Ахь бохор бу Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
Х1о дуьнене шахьарий
Нана йолу и Макка
[]
Ахь ц1ан йийр ю Мухьаммад
[Я 1арашкахь] хьаьжи ц1а
Ахь ц1ан дийр ду Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
[Кху] дуьненахь, эхартахь
Хьо паччахь ву Мухьаммад
Къемат дийнахь шапа1ат
Хьоьгар хир ду Мухьаммад
Хьоьгар йоцу парг1ато
Лелар ма яц Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
[Динан] ислам дуьненчохь
Ахь кхайкхор ду Мухьаммад
Хьуна дуьхьал толамца
Вала да вац Мухьаммад
Массо меттахь толамца
Хьо лелар ву Мухьаммад
Хьо г1айгане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
Уггар коьрте хьан довхо
Хьуна курал еш вериг
И [] Абу-Джех1ил
Ахь эшор ву Мухьаммад
Массо меттехь хьай дошци
Хьо бакъ хир ву Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
Шена дуьхьал вай Дала
Хьо вуьгар ву Муьхьаммад
Далла дуьхьал х1оьттина
Ахь доьхар ду Мухьаммад
Ахь дехнариг вай Дала
Хьуна лур ду Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
Дуьнен сийла стигланаш
Хьуна лиъчи Мухьаммад
Везчу Дала хьерчаеш
[Д1алоьхкур дар] Мухьаммад
[Дегге] ворх1е лаьттанаш
Бухдохур дар Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад
Ла иллах1а иллалах1а
Муьхьаммаду расулуллах1
Елсамане не1арш т1ехь
Яздин ма ду Мухьаммад
Хьо везначи х1усамаш
Царех йина Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад


Неизвестен еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1