I. Хаза, жима, къона ма ю со
Хьуна везар иза ма ца го
Хьо-м лела хьайна генахьа ма тов
Сан безамо цкъа лоцур ма ву хьо
Соьх вала меттиг хьуна хир бац
Хьл суна бе кхин цхьанна кхочур вац
Хьан 1индаг1 хилла хьийзар ма ю со
Хьо къастийна ву шена сан даго
Припев :
Ас забар ма ца йо, сайн ирс хьоьца го
Хьуна лаахь, ца лаахь
Соьца дахарехь, цхьана кхолламехь
Хир вуй хаалахь, ц1е кийра юьллур ю
Ойла 1ехор ю, сайна везарна
Вац хьо хоьцур ас д1а
II. Хьуна жайна доккхур ду
Сайн безамца хьан корта хьовзор бу.
Ала соьга реза вуй хьо
Хьоьца хила кхоьллина ю со
Припев :
Ас забар ма ца йо, сайн ирс хьоьца го
Хьуна лаахь, ца лаахь
Соьца дахарехь, цхьана кхолламехь
Хир вуй хаалахь, ц1е кийра юьллур ю
Ойла 1ехор ю, сайна везарна
Вац хьо хоьцур ас д1а ( 2 раза )
Рашана Алиева еще тексты
Другие названия этого текста
- Рашана Алиева - Хьо къастина даго (New 2014) [exclusive M95] (0)
- Рашана Алиева и Дека сан аз 2 - Хьо къастина даго (New 2014) [M95] (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2