Яьздина хилла те хьега, я доьг1на ца хилла ган,
Хетарехь, и хьуна мега, и лазам бу сан деган.
Безаман йеза ю алу, хьена бу и санна мах?
Безаман реза ю ала! Хьожийла буьйсанна малх!
Дагахь дерг соьга схьа ала, оьший те дийца кхи дерг,
Йоллу те хьо хера яла, виц а веш хьо езаш верг?
Стиглахь беттан са дайна, кхолийна сан б1аьргийн нур,
Ахь деша сан деган жайна, д1аболош вайн ирсан мур.
Ринат Каримов еще тексты
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1