Ас ца боху хьо йицлур ю суна. Ас ца боху хьо ца оьшу суна.
Ас ца боху, сан дега езар. Хьоьх къаьстича хир ву ирсе.
Хьан ойла яьш лела со хийла. Вайшинне гуьйре т1екхечи шийла.
Диц ма делахь, сан дега езар. Хьай дог достуш соьга делла дош.
Припев.
”Йог1ур ю” ахь соьга бохуш,
”Юьгар ю” ас хьоьга бохуш.
Ирсе хилла вай дегнаш доьлуш,
Д1аяг1на хан йиц ма елахь.
Сан баьхк бац хьо езарах суна, сай дог, езнарг, дастарах хьуна.
Кхочар ма бу маьрза кхаъ суна, хийла аса сатийсина.
Гуьйренна де дог1ур ду ирсе, вайшинне дегнаш кхетар ду г1овше.
Дехар ду вай мерзачу безамца, г1овше дезаш массо а ханна.
Припев.
Вайша цкъа а г1овшаьх къаьстар дац,
Хьан дог дохош ас хьо елхор яц.
Дехар ду вай маьрзачу безамца,
Барт болуш, ирсечу дахарца.
Ас ца боху хьо йицлур ю суна, ас ца боху хьо ца оьшу суна.
Ас ца боху, сан дега езар, хьоьх къаьстича хир ву ирсе.
Вайшинне гуьйре т1екхечи шийла, диц ма делахь, сан дагна езнарг,
Хьай дог достуш соьга делла дош.
Припев.
”Йог1ур ю” ахь соьга бохуш,
”Юьгар ю” ас хьоьга бохуш.
Ирсе хилла вай дегнаш доьлуш,
Д1аяг1на хан йиц ма елахь. (2 раза)
~**~ Руслан Ахмадов - еще тексты
Другие названия этого текста
- ~**~ Руслан Ахмадов - - Aset~**~ (0)
- ~**~ Руслан Ахмадов - - rgf (0)
Видео
-
Руслан Ахмадов
Руслан Ахмадов. Whatsapp Видео. SubscribeSubscribedUnsubscribe 168. Loading... Loading ...
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1