Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Рустам Чекуев - Дижийта дов (M95) | Текст песни

1айг1ане со х1инца лела
Херонехь тилл велла лела
Кхечух я ойла ца йисна
Сайх хьарча баланца висна

Лууш вац къастарах теша
Сай дагчохь кхи безам леха
Бакъ дац хьо ца оьшу бохур
Къайле некъ дог ц1арах долу

" Ойла сан кура ю алий
Дагна сан ма йелахь чов
Хьо йезар сан бехка ларий
Дижийта г1аьттина дов (х2)"

Ахь боху соь хьо йиц йелла
Тха хилла безам д1абаьлла
Х1уьттаре лело хьо йоллу
Хьоца ас оьг1азло толлу

Къастарах лар ло со аьрха
Безамна ирс довза г1ерта
Дог хьай ахь соь талха дехьа
Цул т1ехьа хьайх ма хер вехьа

" Ойла сан кура ю алий
Дагна сан ма йелахь чов
Хьо йезар сан бехка ларий
Дижийта г1аьттина дов (х4)"

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -