Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Сайд-Хьусайн - ЛадогIийша вежарий | Текст песни

ЛадогIийша вежарий

ЛадогIийша вежарий
Вай Элчанна вазалла.
Докху ниIмат ду шуна
Дала вайна деллариг.

Азаллехь ша яздинчу
Ше йозанца яздира.
Вай Мухьаммад Пайхамар
Сийлахь Элчи ву элла.

Дуьнен чохь дин дацара
Макки чохь дин дацара.
И вай Элчи валалалц
Иман Ислам дацара.

Дуьнен чохь дин даьржира
Макки чохь дин даьржира.
И вай Элчи ва веъчи
Иман Ислам даьржира.

Хьа беркато дуьзна-кха
ХIара маьлхи ва дуьне.
Кху дуьнен чохь вуьйцу хьо
Сийлахь Элчи ву бохуш.

Хьа сийлахь цIе кхечира
Цу стиглана Iаршашка.
Стигланашкахь вуьйцу хьо
Дела Элчи Мухьаммад.

Дели везнарг хьо ма ву
Дели везнарг хьо ма ву.
Хьо тIехь дукху везчунна
Хьа шафаIат хир ма ду.

Тхо ирс долуш ма хилир
Хьа умматах кхолларна.
Къемат дийнахь долу да
Хьо Пайхамар хилларна.

ЛаилахIа иллаллахI
ЛаилахIа иллаллахI
ЛаилахIа иллаллахI
ЛаилахIа иллаллахI
ЛаилахIа иллаллахI
ЛаилахIа иллаллахI

Сайд-Хьусайн еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1