Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Сайд-Эмин Яскаев - Нохчо (чеченцу) | Текст песни

Йокх топ яц ас кхоьссинарг,
Кхоьссинарг ду буьрса дош
И т1ех тилахь гур ду хьуна
Сайн шелтан т1е ас ка хьош,
Шелтаъ т1ехь доьхканц г1од юкъ йихкина,
Маьхьсешн т1оьхул пилгш йихкина
Вертаъ т1е кхоьллина,чола куй тиллина,
Хьор гуш хьан ойла ца г1аттахь илийца
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала,ахьа оьшуш дац хьуна

Г1абали 1аьржачу к1ажаршца кхелина,
Йоьхь сибат цкъоц1мийн хьаьркашца лерина
Ловзаргахь, дайшкарчу гиллакхех юьззина,
1ачу цу йо1а, хьан кийра ца бузийнехь
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала,ахьа оьшуш дац хьуна

Ахьар сискалх ца вешаш г1аьттинехь
Къамелехь хьайн ненан маттах хьо къахкинехь,
Хьаша да кхачаро хьан даган вас йинехь
Къеначуьн дош хьешна, къоналла хастийнехь
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала,ахьа оьшуш дац хьуна

Нускалн тар деш, ахь ненан дог лазийнехь
Бо берийн не1алтах хьайн ц1е ца лар йинехь,
Тешнбехк, ямартло лехна куьг кховднийнехь
Де эшна воьдуш верг, к1оршаме човхийнехь
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала,ахьа оьшуш дац хьуна

Даймехкан сий ларда, хьо д1а ца хоьттинехь
Мостаг1чо къарвина хьо гор хоьттинехь,
Хьайн халкъ сий дойуш, д1ойше кад боьттинехь
Бахамо 1ехийна, стогал йохкинехь
Хьуна д1а хаалахь, хьо Нохчо вац хьуна,
Хьо къонах ву ала, ахьа оьшуш дац хьуна..

Сайд-Эмин Яскаев еще тексты


Видео
    Нет видео
    -
    Оценка текста
    Статистика страницы на pesni.guru ▼
    Просмотров сегодня: 1