Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Саййид-Хьусайн - Вовше дезар | Текст песни

Назам - Таьзет

Хьажи а, цун доьзал буьйцуш Дела Элчи кхаьлхийна
Дейта бIаь шо дуьзна догIу таханчул а кхана сов
И шен сийлаллехь соввуьйлу.
Xьажи къайла ва ваьлла ШоллагI бIаь шо доладелла
Де мел дели Хьажи болх Ша совбуьйлуш чIагIлуш бу Хьажи нана кхелхина
Дукха зама дIайаьлла Цуьнна тезет ца хедаш
Таханлера де кхаьчна И бакъ цадеш волчуьнга
Эртан воли хьаж ала ТIаккха цуьнна хуур ду
Хьаж Iаламан Устаз вуй

Хьажи къайла ва волуш цуьнга хаьттин хиллера
Хьуна тхоьгар дезариг, хIу ду дийцахьа аьлла
Хьуна тхоьгар цадезариг хIу ду дийцахьа аьлчи
Шена вайгар дезариг Хьажис эццехь дийцира

Шена шуьгар дезариг Шу вовшеxa дезар ду
Шена шуьгар цадезариг Шу вовшеx цадезар ду
Шу вовшеxa дезаро Шу вовшеха дашаро
Шена бала бай бокха къобулвина ва бериш

Вовше дезаш хиллийша вовше сакхаташ диттийша
И вай Дели-Пайхамар хьехавелаш даиман
ЛаилахIа-иллаллахI даимана бахалаш
Дуккха баьхна делир бохуш Зама йогIар ю шуна.

Вай догIмашна хьалхара балийна юкъ йихкина
Вахана лелаш волчунна ойла е вай вежарий
Оцу Хункур ва махкахь дегIистанах ва хьоьгуш
ГIийла лелла цун доьзул дагалаца хьовсий вай

Дала хьайги ва елла Бакъо кхайкхо хьо ваьлчи
ДегIистанар Iаьлим нах Хьуна духьал боьвллeра

Ахь лелориг бакъ цадеш Хьоьци хьагI-гамо лаьцна
Хьуна дуьхьал бовларна уьш декъаз боьвлера

Цу заманан паччахье цара аьрзнаш динера
Хьо махкаха вакхийта хьо зулам да ву аьлла

Цу заманан паччахьо хьо махкаха ваькхира
Дела воцуриг дала жоп доцуш Хьажих хьо къайла ваьллира

Хьо махкаха вакхарах шай дог хьоьха ца Iебаш
Хьан доьзулна меттиниш цара диттина хиллера

Орцух вала да воцуш уллехь накъост ва воцуш
ГIийли-миски хьан доьзул Хункар махка бигира

Оцу Хункар ва махкахь Цу вай Дели кхел хилла
Бала лайна хало лайна Хьан доьзулаш кхелхира

Бала хилла ва Хьажи хьан доьзуло лайнариг
Бала бу-кх ва Хьажи ахь хьайна тIеэцнариг

Далла везнариг хьо ма ву Дела везнариг хьо ма ву Хьо тIехь дукху везчунна Хьа Iуналла хир ма ду Txo ирис долуш ма хилир Хьо тxa Устаз хиларна Къемат дийнахь долу да Хьо санна да тxa хиларна Хьажи веза бахарах Тоьаш дац шунна вежарий Хьажий белхех цун дешех Догух тешаш вай дацахь Вай Устазий Iунала Вайна дезаш вай делахь Везаш теша деза вай ТIаккха декъал хир ду вай…

Саййид-Хьусайн еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-