Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Саййид-Хьусайн - Къадари | Текст песни

Къадари

Аллахl Дели айхьа хестош зикру ду хьо Къадари
Хьайна лакхехь лакхе йоцуш лекха ду хьо Къадари
Хьайла сийлахь кхин хlума доцуш сийлахь ду хьо Къадари
Вай кхоьллина Аллахl Дели ахь хьехаво Къадари
Хьайла сийлахь кхин хlума доцуш сийлахь ду хьо Къадари
Вай кхоьллина Аллахl Дели ахь хьехаво Къадари
Ниlматашца вай кхобуш верг ахь хеставо Къадари
Вай кхоьллина кхалхон вериг ахь хьехаво Къадари
Iолахl-lулиллахl аьлла хьо кхайкхина Къадари
Хьан эшар дlахезна бераш ахь гlовтийна Къадари
Iолахl-lулиллахl аьлла хьо кхайкхина Къадари
Хьан эшар дlахезна бераш ахь гlовтийна Къадари
Хьан эшар дlахезна бераш ахь ловзабо Къадари
Мел дукха дийцачи кlорда ца деш чам бу-кха хьо Къадари
Мел дезарх кхачо йоцуш мерза ду хьо Къадари
Моссу мулкаш хьайх чакххьоьжуш мулк ю-кха хьо Къадари
Мел дукха дезарх кIордор доцуш мерза ду хьо Къадари
Моссу мулкаш хьайх чакххьоьжуш мулк ю-кха хьо Къадари
Кху дуьнена бала беъча орца ду хьо Къадари
Кху дуьнена гlайгlа еъчи уллехь ду хьо Къадари
Дуьне дицдеш Эхарт тадеш lамал ю хьо Къадари
Деле кхайкха ахь lамаво Делан деза Къадари
Дуьне дицдеш Эхарт тадеш lамал ю хьо Къадари
Деле кхайкха ахь lамаво Делан деза Къадари
Делан сийлахь lаршан гонахь хьо ловзош ду Къадари
Делан сийлахь малайкаш хьо ловзош ду Къадари
Иблис кlело ахь йохайо Делан деза Къадари
Шайтlан шахьар ахь йохайо Делан деза Къадари
lеса ойла ахь йохайо ЛаиллахIа илаллахI
Деле кхайкха ахь Iама во ЛаиллахIа илаллахI
Деле хастор ахь Iама во ЛаиллахIа илаллахI
Ахь вай Деле велхавора ЛаиллахIа илаллахI
Деле кхайкха ахь Iамавора ЛаиллахIа илаллахI

Саййид-Хьусайн еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-