Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Саййид-Хьусайн - Хьажи хьехамаш | Текст песни

Хьажи хьехамаш

Ша махках валалле хьалха
Юрташкахь х1уьттуш
Дала къайле таяро,
хьехамаш бина ма боху.

Шега хатта дезариг,
аш шеги хатталаш
Лар елаш ше муридаш,
ша весет до шоьги,
ше весет лар делаш.

Дела фарзаш лар делаш,
цери хенаш лар елаш
Дела вирдаш лар делаш,
цери хенаш лар елаш.

Хьарам, хьанал къаста делаш
Дела дези Къур'ан дуккху дешалаш,
цу бохуриг дарца,
цуна таьхьа алалаш.

Еари, оршот лар елаш
Чехка зикру дукху делаш
Хьежараьх шаш ларлолаш
Кога болар лар белаш,
вовше дог1маш лар делаш.

Лар елаш ше муридаш,
ше весет лар делаш.
Лар елаш ше муридаш,
ше весет лар делаш.

Ше мурид д1акхелхичи,
кхоъ буьйсана йеси ду шуна,
кхоъ буьйсана чахка зикру
ду шуна, т1аьхьарчу цу дийнахь каш лахьти таделаш,
цу каш гонахь цха б1аь зикру алалаш.

Т1аьхьарчу цу дийнахь каш лахьти тадар,
цу каш гонахь ца б1аь зикру алар,
ша доьхьал воцуш шеци чаг1о лацар ду шуна.

Ва-а-а ше дики муридаш
Вовше дезаш хилалаш
Вовше т1ешаш хилалаш
Вовше сакъташ диталаш
Вовше марзо эцалаш.

Хьаг1они д1аякхалаш
Воккхи, жими ларлолаш
Лаилах1а илаллах1 - даимана бахалаш, дуккху баьхна делир бохуш, зама ег1ур ю шуна.

Шу вовшеха дезаро,
шу вовшеха дашаро.
Шена бала бай бо-кха,
ша къобулвинариш.

Вай Дели вазаллора,
вай Дели сийлаллора Къоранчоьх,
жейнтаьхь боцу хьехамаш,
Адам беришна вай бина бац шуна.

Х1ар весет вайна дитина вериг
Вай вуьцараьх, ву бахараьх,
вай къобул вина, вай синой да хилла,
вай дог1ми 1у хилла, вай кирарчу дегни лор хилла.

Вахна, ве1на меттиг боцуш
И Дели ша воцуриг, шех жоп дала да воцуш,
вай Дели 1аламех лелаш волу Хеди, Киши во1 ву шуна.

Вай ницкъ кхачар барамаьх,
вовше дукху дезарца,
цун омрини ларло техь вай,
бусулба вежари.

Лаилах1а илаллах1
Лаилах1а илаллах1
Лаилах1а илаллах1..

Саййид-Хьусайн еще тексты


Видео
    Нет видео
    -
    Оценка текста
    Статистика страницы на pesni.guru ▼
    Просмотров сегодня: 1