Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Саййид-Хьусайн - Шелахь мурдаш тIом бинера | Текст песни

Шелахь мурдаш тIом бинера

Когаш куьйгаш дIадихкина
И вай Хьажи вигна хилла
Хьажий бала дага лоьцуш
Цу вай Деле делха деза
Хьажий бала дага лоьцуш
Цу вай Деле кхайкха деза

Юрта-юрта гIулла вогIуш
Шахьре-Шахьре гIулла вогIуш
Хьажи лаьцна валочу дийнахь
Шелахь мурдаш барт бинера
Хьажи лаьцна валочу динахь
Шелахь мурдаш барт бинера

Вай догIмаш чохь синош мел ду
Хьажи вигий - гур вац бохуш
Хьажи цаьргара ваккха гIерташ
Шелахь мурдаш тIом бинера
Хьажи цаьргара ваккха гIерташ
Шелахь мурдаш тIом бинера

Ма вигийша тхан синой-Да
Ма вогийша къобулвинар
Бохуш Хьажи ваккха гIерташ
Шелахь мурдаш тIом бинера
Хьажи цаьргара вакккха гIерташ
Шелахь мурдаш тIом бинера

Сатуьйсур ду Хьажи оха
ХIара Iуьйренаш ва мел йогIу
Тхо хьоьжур ду Хьажи хьоьга
ХIара суьйренаш ва мел йогIу
Тхо хьоьжур ду Хьажи хьоьга
ХIара суьйренаш ва мел йогIу

Лела меттиг ва ца хууш
Волу меттиг ва ца хууш
Къайлахь лела волу те-хьа хьо
Тхуна-м ца ган волу те-хьа хьо
Къайлахь сеца волу те-хьа хьо
Мила хьоьстуш лела те-хьа хьо

Дала вала войла-кха хьо
Хьайх тешначу ва берашна
Дала марша хьо воккхийла
Дала бIаьргашна хьо гойтийла

Саййид-Хьусайн еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-