Кхи к1ант хьайна веза велча
Хьо д1акъаьсти соьх
Куралл езна, бахам безна
Кхечунна хили.
Жималеха 1эха елла
Еза моьттуш хьо
Дахаран некъ билли моьттуш
Цунга яха хьо.
Ма хьежа хьо соьга
Ма къежа суна хьо
Хьоь болу са безам
Д1а ма бели.
Ма язде кехаташ
Ма елха суна хьо
Сан даго къобал еш
Сунам кари.
Шарал еха буьйсанаш а,
Зама д1ауьду.
Дерриг хеди, дахар хеди
Цхьалха йисси хьо
Жималлехьа, хазаллехьа
Нахех хьаьги хьо.
Соьлхан делкъан дилин б1аьргаш
Доьлхаш хитира.
Саламбек Тайсумов еще тексты
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1