I. Тийна буьйса, беттан серло
Лайн чимашца г1ийла лаьтта
Цу хьан дуьхьа дека моьттуш
Вайн кхолламан говза хьоза
И лайн чимаш хьоьх тардина
Кера юккъехь уьш гулдина
Делахь уьш со чу кхачале
Деш д1а доьвлира
Припев :
Мила ю те, дагна везнарг
Хьан даго ша хьаьстинариг
Цо мацалла некъ бина те
Амалахь хьан кхета везарг
Дийцар муха хилла теша
Ю те бехке т1ех везарна
Хьо везаш сайн дагна хилла
Бала балхабо (2 раза)
II. Даггара сайн бовха безам
Аса хьоьга кхийдош хилча
Кхин х1ун оьшу, дагна везнарг
Яц со ехаш, ду дог кийрахь
Безамах хьо кхеташ велахь
Велалой хьо схьахьажахьа
И беттан нур хьоьца ловзуш
1еха елла со
Припев :
Мила ю те, дагна везнарг
Хьан даго ша хьаьстинариг
Цо мацалла некъ бина те
Амалахь хьан кхета везарг
Дийцар муха хилла теша
Ю те бехке т1ех везарна
Хьо везаш сайн дагна хилла
Бала балхабо (2 раза)
Седа Мукаева еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2