Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Слова: Ходжи-Ахмед Кадыров; музыка: Умар Бексултанов - Шатлакхан илли | Текст песни

Харцоно цӀе тесна хьо ягарх,
Нохчийчоь, ца йоьжна, гӀаьттина яха.
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.

Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!
Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьастс.
Тхайн дехар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,
Декъалдар доьхуш ду, хьуна беш хастам.

Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.
Органа тулгӀено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совгӀат хьо, азаллехь долла!
Шатлакхан илли ду тхуна никкъ белла!

Къинхьегам, хьан хуьнарш хазделла шайна,
Хьалкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран гӀаролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-